dcsimg

Бадарж ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

Бада́рж, я помидóр (лат. Solánum lycopérsicum) — цхьаьна шеран я дуккха шерийн Паслёнан (Solanaceae) доьзалера Паслён (Solanum) тайпанан кепара бецан орамат[1]. Лелайо хасстоьман культура санна.

Ӏилманан а, хӀусаман (кулинарин) а юкъара стоьмех, цӀазамех, хасстоьмех йолчу башхаллех болу кхетамо бадарж (кхин ораматаш санна, масала, наьрс) юьстича галвоккху. Бадаржан стоьмаш — ботаника агӀора хьаьжчи — дуккха бенаш долу синкарпан цӀазамаш ду. 1893 шарахь АЦШ Лакхара суьдо массара а тӀеэцна, таможнин ял йоккхуш бадарж, лелаяран кепаца, лара мегар ду хасстом, ткъа иза делкъе еш десертан ца луш охьайохку дела, суьдо билгалдаьккхина, ботаникан агӀора томаташ — цӀазамаш ду[2]).

ЦӀе

Дуьненан дукхаха долчу къаьмнаш бадаржах олу итал. pomo d'oro — «дешийн Ӏаж». Ткъа дош «томат» схьадаьлла ацтекийн маттара «томатль»[3], Европе кхаьчна французашкахула tomate. ХӀинца бадаржа боху цӀе ширъелла лелош яц, амма алсама лелориг помидор ю, наггахь томат а олу. Томат олу аьхьана тодина юурган чам бан кечбинчу бадаржан берамах.

Биологин башхаллаш

 src=
Бадаржан заза а, гӀаш а

Бадаржин чӀогӀа кхиина чӀу тайпана ораман система ю. Орамаш даьржина ду, кхуьу, кхоллало сиха. КӀорге лаьттах доьду (маргӀалийн культура яцахь 1 м гергга а, сов а), гуонаха даьржа 1,5-2,5 м диаметрехь. ТӀуналла а, даар а делахь тӀекхуьу орамаш гӀадан муьлххачу декъехь кхиа таро ю, цундела бадарж дебо мега хӀушца а, гӀад догӀарца а, агӀон тӀиера маргӀалашца (сов маргӀалашца) а. Хин чудехкича, цара масех де-буьйса даьлчи орамаш хоьцу.

Бадаржан гӀад нисса лаьтта я дуьжу, геннаш туьйсу, локхалла 30 см тӀиера 2 м кхаччалц, кхин сов а. ГӀаш шала месаш йолуш дац, даккхийчу дакъошка декъна ду, наггахь картол тайпана. Зазанаш кегийра, хаза дац, можа бес-бесара аматаш йолуш, кене дирзина. Бадаржа — факультативан ша дургалдаржорг: цхьаьна зазан чохь хуьлу боьрша а, стена а меженаш.

Стом — мут долуш шорттабенийн тайп-тайпана кепара (чӀапа-гоьргачунтӀера цилиндркепарчунга кхаччалц; хила тарло кегийра (масса 50 г), юккъера (51-100 г), яккхийра (100 г сов, наггахь 800 г а, сов а) цӀазамаш. Стоьмийн бос бесара-ровзана тӀиера къегина-цӀиен, цӀиен комаран басахь, кӀайчун, сирла-баьццарачун тӀиера, сирла-можа, дешийн-можа басе кхаччалц.

Коллан амалца, гӀадан стоммаллийца, гӀашшан амалца къастайо кхаа кепара бадарж: штамбан, штамбанза, картолан.

 src=
Лакхара гар, охьа-хьалий, анасизан а хадор

Бадаржин стоьман хӀоттам

Бадаржин стом къастало дика баабаларан, чоман, диетан хьолашца. Киина девлла стоьмийн калорийлла (энергин мехалла) — 19 ккал. Царна юкъахь екъа хӀуманаш 4,5—8,1 % шена чохь шекар, коьртаниг глюкоза а, фруктоза а, ткъа иштта органикан мусталлаш (3,5—8,5 %), клетчатка (0,87—1,7 %)[4]. Стоьмашца иштта белокаш (0,6—1,1 %), пектинан хӀуманаш (0,3 % гергга), крахмал (0,07-0,3 %), минералаш (0,6 %). Бадаржин стоьмехь лакхара ду каротиноидаш (фитоен, неуроспорин, ликопин, неаликопин, каротин (0,8—1,2 мг/100 г аьрга масса), ликосантин, ликофилл), витаминаш (В1, В2, В3, В5), фолийн а, аскорбинан а мусталлаш (15—45 мг/100 г аьрга масса), органикан (лимонан, Ӏежан, муьстаргийн, чагӀаран, янтаран, гликолин), лакхара молекулин хьакхаран (пальмитинан, стеаринан, линолийн), фенолкарбонан (п-кумаран, къаьхьон, ферулийн) мусталлаш. Стоьмашца карийна антоцианаш, стеаринаш, тритерпенан сапонинаш, абсцизиран мусталла.

Бадаржийца долу холина охьадоккху цӀийца долу холестерин, доӀах тӀе мохь ца лоцуьйту, организман иммунан хьал тодо, гемоглобин деш гӀо до.

1 кг стоьмехь йолу микроэлементаш: натрий — 40 мг, калий — 2680 мг, кальций — 110 мг, магний — 120 мг, эчиг — 6 мг, йоьза — 0,97 мг, фосфор — 270 мг, сангал — 140 мг, хлор — 400 мг, марганец — 1,89 мг[4].

Классификаци

Тахана бадаржин масех классификации ю. Россехь тӀеэцна[5] Брежневн ламастан классификаци. Ламастан классификацехь[4] бадаржашка хьовсу Lycopersicon Tourn тайпанан векалшка санна. 1964 шарахь советийн ораматашлелорхочун-селекционеран Д. Д. Брежневн Lycopersicon тайпанехь билгалъяьккхина[6] кхоъ кеп:

Уггаре юьззина Lycopersicon тайпанан классификаци ю[5] американ 9 кепара бадаржа довзийтина волу профессоран Ч. Рикан (C.M.Rick; 1915—2002) классификаци:

  • Lycopersicon cheesmanii,
  • Lycopersicon chilense,
  • Lycopersicon chmielewskii,
  • Lycopersicon esculentum,
  • Lycopersicon hirsutum,
  • Lycopersicon parviflorum,
  • Lycopersicon pennellii,
  • Lycopersicon peruvianum,
  • Lycopersicon pimpinellifolium.

ХӀокху заманан филогенетикан некъахь болчу ботаникаш, лору Lycopersicon тайпа парафилийн, иза бахьнехь бадаржаш тӀеязйина Паслён (Solanum) тайпанан. И некъ бахьнехь цхьатерра йолу ораматийн синониман цӀераш ю:

Нохчийн цӀе Ламастан классификаци APG II классификаци Ма-ярра бадарж Lycopersicon esculentum Solanum lycopersicum Перун бадарж Lycopersicon peruvianum Solanum peruvianum Кхезарийн бадарж Lycopersicon esculentum ssp. pimpinellifolium Solanum pimpinellifolium

Балха тӀехь, бошмашмашлелорхоша ламастан цӀе лелайо, ботаникан литературехь луьра лелайо шолгӀа вариант.

Бадаржийн сорташ

Tomato je.jpg

Бадаржийн сорташ екъало тайп-тайпанчу хьолашца:

  • Коллан тайпанца — детерминации йина а, индетерминаци йина а
  • Кхиаран хенаца — хьалха куьурш, юккъера кхуьурш, тӀаьхьа кхуьурш
  • Пайда эцарца — текха тӀейохкурш, хичуюхкурш, мутт доккхурш, кхин а.

Бадаржийн уггаре яьржина штамб йоцу сорташ ю, церан соьмийн бозалло дижийна дуткъа гӀад ду, даккхийра гӀаш ду; коьллаш хила тарло лоха а, лекха а. Бадаржийн штамбан сорташ алсама ю. Ораматийн гӀад стомма ду, гӀаш йоца гӀошмаш тӀехь юккъера барамехь ду, дакъош гергахь чӀогӀа хебна ду; сов геннаш кӀезиг хуьлу. Коьллаш компактан ю — лохачарна тӀиера юккъера локхалла йолчарна тӀекхаччалц. Бадаржийн ахштамбан сорташ йина, цара юккъера меттиг латтайо йийцинчу шина тобана юкъахь. Картол тайпана сорташ, чӀогӀа кӀезиг ю, церан цӀе гӀаш картолачух тера долун дела тиллина.

Колла кхиаран тайпанца бадаржийн сорташ екъало детерминаци йина (лохаерш) а, индетерминаци йина (лекхаерш) а. Детерминаци йина сортийн коьрта гӀад а, агӀон тӀиера маргӀалш а куьучура соца гӀад тӀехь 2-6 кан бича. ГӀад а, ерриг маргӀалш а чекхйовлу зазан кенаца. Сов геннаш кхуьу гӀадан лахарчу декъехь. Колла жима я юккъера барамера (60-180 см) ю. Детерминаци йинарг йоцуш билгалайоккху кхин а супердетерминаци йина сорташ, церан кхиар соцу гӀад тӀехь 2-3 кан кхуьъушехь (ерриг маргӀалаш чекхйовлу зазаца, кхуллу чӀогӀа яьржина жима колла; кхиаран шолгӀа тулгӀе хуьлу, тӀиера дукхаха болу стом кхиинчул тӀаьхьа; хьалхара заза доккху 7-8-гӀа гӀен лакхахь), ткъа иштта ахдетерминаци йинарш, церан ораматаш къастало онда а, барам боцуш кхиарца а — кхуллу цхьаьна гӀад тӀехь 8-10 кан. Индетерминаци йина бадаржийн сортийн ораматийн кхиаран барам бац. Коьрта гӀад чекхдолу зезагийн кенаца (хьалхара кан 9-12 гӀан тӀехула бо), ткъа гӀан чоьтара долу сов генно гӀадан кхиар кхин а дӀахьо. Масех гӀа тесначул тӀаьхьа сов генно кхиар сацадо зазан бот юьллуш, ткъа орамат кхиар хуьлу гергарчу сов геннан чоьтах. Иштта лаьтта вегетаци саццалца, ткъа иза соцу дуьххьарлера гуьйренан гӀур йича. Колла лекха (2 м сов) ю, амма зазадаккхаран а, стом кхоллабаларан а болар, лахара ду детерминаци йинчу бадаржийн сортел.

Россехь, говзанчаш боцучарна юкъахь, шуьйра евза иштта бадаржийн сорташ: «бугӀан дог», «даман пӀелгаш», кхин а. ТӀаьхьарчу итт шарахь яьржина «Черри» бадарж.

Лелор

Бадарж тахана — адамашна уггаре дукхаезачу культурех цхьаъ ю, шен мехала дааран а, диетан а хьолаш бахьнехь, тайп-тайпана сорташ хиларна, кхио а, лело а атта хиларна. Уьш лелайо арахь латта тӀехь а, чӀураман кӀелахь а, теплицашкахь, парникашкахь, на балконаш тӀехь, лоджишна тӀехь, коран у тӀехь.

Бадаржан стом буу керла болуш, кхехкийна, кхаьрзина, бераме йоьхкина, царех кечдо томат-паста, томат-худар, томатан мутт, кетчуп, берамаш, лечо. Испанехь дукха еза шийла томатан чорпанаш — гаспачо, сальморехо. ССРС хиллачу мехкашкахь бадаржаш Ӏаьнна бераме йохку.

Бадаржашца чӀогӀа дукха ду ликопин а, кхин чорпанех туху дааран хӀуманаш якъийна бадаржаш[en] а. Черри бадарж 4-10 дийнахь малхехь якъийча, цунах йов 88 % шен йозалла, ткъа яккхий бадаржийн — 93 %. Цхьа кийла якъийна бадарж кечъян оьшу 8 - 14 кг керла стом.

Лелаяран истори

Бадаржаш евлла мохк — Къилба Америка, хӀинци а хаало цигахь акха а, ахкультуран а бадаржаш.

Ацтекаш лелаяр

Бернардино де Саагунан «Керла Испанин гӀуллакхийн юкъара истори» кхолламехь (1547—1577), ораматийн хьолех лаьцна ацтекийн хаамаш тӀетевжина, балийна цхьацца хаамаш бадаржах (шитоматль), масала:

Берийн бӀаьрган кӀайл цамгаран дарба дан, оьшу моьлкъан кегийра Ӏов иэян кӀурзца я хица, бӀаьрга чу масех тӀадам божо беза оцу бераман, я схьаэцна цӀестан басар матлали, бадаржийца иэдина, масех тӀадам божийча бӀаьргаш чу… Керла дина берана кхетна жӀаьлин уьнан дарба до Ӏуьйренан тхин масех тӀадам мерчу тухий, я церан ненан шура тухий, я меттигерчу маттахь симатль олу башха ораман мутт тухий, я бадаржан, туьхан чохь тӀадийна пӀелг хьокхий[7].

Дуьххьала бадаржаш юурган лелор доьзна ду ацтекийн каннибализмаца. Уьш лелайора адаман жижиг туьханца а, бурчаца а цӀийдеш[8].

Европехь яржор

XVI бӀешеран юккъехь бадарж кхаьчна Испане а, Португале а, ткъа тӀаьхьа Франце, Итале, кхечу европан пачхьалкхашка. Дукха хенахь бадаржаш юуш а яц, дӀевше а ю моьттура. Европан бошмашлелорхоша кхиайора уьш экзотикан декоративан орамат санна. Уггаре хьалхара бадаржах ден даарах лаьцна яздина 1692 шарахь кулинарин жайнахь Неаполехь, цу тӀе автора бохура и рецепт Испанера далар долуш ду.

XVIII бӀешарахь бадаржа кхаьчна Россех, цигахь а юьхьанца декоративан орамат санна кхиош яра, хӀунда аьлчи стоьмаш дуьззина кхиана ца довлура. Хасстоьман сурсатийн культура лерира орамат оьрсийн Ӏилманча-агроном А. Т. Болотов бахьнехь, цуьнан аьтту белира бадарж юьззина кхиана ялийта зӀийдигийн гӀоьнца а, хилийтаран кепаца[9].

Дуьненах кхиор

Дуьненахь уггаре дукха бадаржаш кхиориг Ций ю. Цигахь кхиайо дуьненахь кхиочу бадаржех 30 % сов бадаржаш (56,3 миллион тонн 177 миллионах), шологӀа йолчу ХӀиндел, кхузза гергга сов[10].

Уггаре дукха бадаржаш кхиориш (тоннашкахь)[10]

Агротехника

Бадаржа — йовхо оьшу культура, орамат кхиа еза оптимум температура 22-25 °C: температура 10 °C лахара хилчи зазан чуьра дургал ца кхуьу, пхардалаза чӀениг охьаюжу. Бадаржо чӀогӀа гӀуо лов хӀаваан лакхара тӀуналла, амма деза шортта хи стоьмаш кхиийтархьама. Бадаржийн ораматашна серло еза. Иза ца тоахь ораматаш кхиар соцу, гӀашшан бос бов, заза охьадужу, гӀад чӀогӀа дахло. ЗӀийдигаш кхиоран муьрехь серло латторо зӀийдигаш тойо, ораматийн стоьмаш тӀетуху.

Лаьттах органикан а, минералан а туьха тоьхчи, латта семса латтийчи бадарж кхиа тарло муьлххачу латташ тӀехь, чӀогӀа муьста дацахь. Бадаржашна оьшу минералан дааран коьрта дакъолгаш, кхечу ораматашна санна — азот, фосфор, калий. Бадаржин азот оьшу стом кхуьучу муьрехь, амма азот сов хилар дика дац, хӀунда аьлчи чӀогӀа тӀелета вегетативан массаш (ораматан дилх диллар олу) стом латарна новкъарло еш, ткъа иштта гулло стоьмашкахь нитраташ. Ораматехь фосфор тоьуш ца хилчи азот дӀа дика ца худу, тӀаккха кхиар соцу, стом кхиар а, кхоллабалар а соцу, гӀаш сийна-баьццара бос оьцу, тӀаккха сира бос оьцу, гӀад лилан-мокха бесе доьду. Фосфор чӀогӀа оьшу бадаржашна вегетаци йолалуш. Оцу муьрехь хуьйдина фосфор стом кхоллабаларан хьажадо. Калий худу бадаржо азотал а, фосфорал а алсама. Иза чӀогӀа оьшу ораматашна стоьмаш кхуьучу хенахь. И дакъолг ца тоьучу хенахь гӀашшан йисташкахула гучудовлу можа-мокха тӀадамаш, уьш хьовза долало, тӀаккха ле. Бадаржашна иштта оьшу ораматийн кхиаран а, дегӀдаккхаран а Ӏаткъам бо микроэлементаш: марганец, бор, цӀеста, магний, саьнгал, кхин а. Уьш туху микротуьхан кепара.

ХӀуш

ХӀуш кегийра, чӀапа, бух тӀехь ира, сирла- я таӀна-можа, охьатаӀийна, иза бахьнехь сира бос беттало. Физиологин кхианадалар хуьлу бадаржаш сийна йолучу хенахь. 6-8 шарахь дийчи а кхуьу. Дикачу тамехь температуран хьолашкахь, тӀуналла а елахь хьаладовлу 3-4 дийнахь-буса. Хьалхара боккъала гӀа долу 6-10 де-буьйса даьлчи, тӀаьхьара 3-4 гӀа — кхин а 5-6 де-буьйса даьлчи, кхин дӀа хӀора керла гӀа кхоллало 3-5 де-буьйса моссазза долу. Къоначу хенахь дуьйна гӀашшан четахь кхуьу агӀон тӀиера сов геннаш. МаргӀал яларан тӀиера заза даллалц мур лаьтта 50-70 дийнахь-буса, зазан тӀиера бадаржа кхиана йолу 45-60 дийнахь-буса.

Кхиоран технологи

 src=
Бадаржаш йовлар. Суьрташна юкъара хан 1 де-буьйса
 src=
Бадаржийн зӀийдигаш хӀу даьллачул тӀаьхьа 1,5 бутт баьлчи

Бадаржаш юьй парникашкахь Ӏай, чот йой, шолгӀа дӀаӀуьттуш дӀадоьгӀначул тӀаьхьа бутт баьлчи уьш лаьттах ден таро хилийта, гӀуоролех а ца кхоьруш, я ахшийла парникаш чу. Дукха хьалха йийчи, ораматаш кийча ца хила тарло лаьттах дӀаӀитта, арахь шийла хиларна, парникаш чохь йисина ораматаш, дукха луьста хиларна, йолало бос бан а, озаяла а, чӀогӀа экаме а хуьлу температуран хийцамашна. Иза бахьнехь дӀаеран хан нисъян еза меттигерчу климатан хьолашца. ГӀуоролаш хилахь ораматаш къовла еза.

ДегӀдоккхучу хьалхарчу хенахь йовхачу парник чохь мох кхетийтаран а, асар ца далийтаран а, садолчу зуламхойх терго йича йолу. ДӀайийначул тӀаьхьа 3—4 кӀира даьлчи, цергаш йолу шолгӀа ши гӀа даьлчи, схьа а йохий йовхачу парник чу дӀаюьй, амма лаьттан чкъор доккха хила деза; ша юхадӀаер, копаста санна хуьлу, кхин тӀе парникан гуран кӀела юьй 300 орамат, нагахь кхин цкъа а кхечанхьа ен езахь 200 юьй. ШолгӀачу парникехь тергойо тӀаьххьарчарна мох кхетийтарна тӀуналла ца хилийта, матар ца тасийта, ораматан гӀора даийта.

Юхайийна бутт баьлчи, ораматаш луьсталлийца вовшен новкъарло ян йолийча, ораматаш паргӀатчу меттиге шолгӀа дӀаюьй (200 гергга орамат гуран кӀела), парникан яьшка ойбуш, кӀез-кӀезиг къовлуш ораматаш гурашца, ораматаш арарчу хӀаваах долийтархьама. ТӀаьххьара лаьттах дӀаер хуьлу шолгӀа йийначул тӀаьхьа бутт баьлчи, гӀораян кхерам боцучу хенахь. Нагахь хьалхо стоьмаш дезахь, масала — июнь болалуш я юккъехь, парникаш чохь дӀаюьй хьалха, лаьттах дӀайелий кхузза юх-юха юьй.

Парникашкара ораматаш юхаюьй пхьегӀаш чу, цу тӀе уьш латтайо йиллинчу парникийн яьшканаш чохь, буьйсана температура охьаяьлчи дӀа а къовлуш. ТӀаьххьара пхьегӀанчура лаьттах дӀаер хуьлу орам тӀиера латтанца, хьалха даьхна кечдина оьрнаш чу. ПхьегӀа лелаяро аьтту бо бошмашлелочун сих ца вала дӀаюьйчу хенахь, ларъян дика хан, кхин тӀе пхьегӀан чохь орамат нийса а кхуьу. Бадаржа дӀаюьй меттигах лаьцна аьлчи, царна еза сирла, екъа, дика лелон латта. Керла туьха бадарже лан ца ло, картолан цамгар кхета; дика туьха каьчначу копастал тӀаьхьа дика хуьлу бадаржа. Бадаржаш кхуьу могӀанашкахь, луьста дӀаер зуламе ду массо а агӀора. Йийначул тӀаьхьа ораматашна хи туху, хи детта орамат денъяллалц.

ДӀайийначул тӀаьхьарчу муьрехь, буьйсанаш шийла елахь, малх чубуьзначул тӀаьхьа хи ца тухуш саца веза, хӀунда аьлчи латта кхин а чӀогӀа шеллур ду. Хассан уллохула хершнаш доху ораматашна хи дилла. Бадаржашна тоьу хи диллар, тӀехула хи тохар оьшу чӀогӀа якъо хӀоьттича, тӀаккха а аьхкен заманахь цкъа-шозза. Кхин тӀекхуьучу хенахь ораматаш хьалаехка еза, сов гӀад кхарда деза, цуо цхьабосса серло кхача таро ло ораматан, дика мох кхоьтуьйту, цунах доьзна, алсама а, хьалха а стом кхуьу. Кхаьрдинчул тӀаьхьа дуьсу 2—3 чӀогӀа га, юккъернаш дӀадоху, бадаржаш дӀайоьхку я сераш тӀе, я хьокхарчашна тӀе, кхин тӀе терго хила еза, хӀора гӀад паргӀат кхиийта. Кхин долу Ӏуналла хьена маргӀалаш дӀадохуш а, гӀортолаш нисъеш хила деза.

Бадаржаш схьаяьхна довла деза шийла буьйсанаш тӀекхачале. Температура +8° стоьмашна зуламе ю. Нагахь температура кхин лаха ялахь, стоьмаш дахкало схьадаьхчи а, хилла довла ца кхуьу. Цундела коьллаш тӀиера боьра я сийна долуш схьадахар гӀоле ду. Цуьнца сихйо йисинчу бадаржин цӀеялар. ЦӀейолуьйту яьшканаш чохь, стоьмаш 2— 3 чкъор дохку. Пайден ду яьшкин чу масех цӀиен бадаржа йиллар: цара этилен газ йоккху, цуо сихдо сийна бадаржин кхиар. Яьшкин чура цӀиен бадаржаш схьалахьоро, дӀатотту йисанчеран цӀиен яларан хан (дукха латто езачу хенахь иштта дан а до). Схьалахьдо стоьмаш кӀиранах цкъа[11].

Зуламхой, цамгарш, цаьрца латто беза къовсам

Бадаржийн зуламхой ю аьнгалха, Ӏаьржачу бесара чуьркаш-сциаридаш, теплицин кӀайтӀамберг, картолан миза, кхин цхьадолу сагалматаш: (Бамбан нӀаьна, колорадан чхьаьвриг).

Бадаржийн цамгарш кхета тарло азот, калий, фосфор совдаьлчи а, ца тоьачи а я матарца а, вирусашца:

Иштта хаало стоьмаш лелхаш, гӀаш хьийзаш тайп-тайпана Ӏаламан цамгарш.

Иэсаш

 src=
Иэс «Бадаржан хастам»

Запорожьен областера Каменка-Днепровскехь (Украина) хӀоттийна иэс «Бадаржан хастам».

Хьажа иштта

Билгалдахарш

  1. Ранее Lycopersicon esculentum в роде томат (лат. Lycopersicon). Подробнее см. раздел Классификация.
  2. Дело Никс против Хеддена (149 U.S. 304)
  3. Harper, Douglas Tomato. Online Etymology Dictionary. etymonline.com. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 7 июнехь. Теллина 2012 шеран 7 июнехь.
  4. 1 2 3 Бадарж — яззам бу Большой советской энциклопедии чуьра.
  5. 1 2 Генетические коллекции. Томаты.// Кафедра генетики МСХА
  6. Брежнев Д. Д., Томаты, 2 изд., Л., 1964
  7. Саагун, 2013, с. 33.
  8. Евгения Риц Мы за едой не постоим (оьр.). Глобальный еврейский онлайн центр (30 майхь 2018). Теллина 2018 шеран 1 июнехь.
  9. Биология: Современная иллюстрированная энциклопедия. / Под ред. А. П. Горкина. — Росмэн, 2007. — С. 445.
  10. 1 2 FAOSTAT. По данным Продовольственной и сельскохозяйственной организации ООН
  11. Томаты // Школа и труд. Школа и труд.

Литература

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors

Бадарж: Brief Summary ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

Бада́рж, я помидóр (лат. Solánum lycopérsicum) — цхьаьна шеран я дуккха шерийн Паслёнан (Solanaceae) доьзалера Паслён (Solanum) тайпанан кепара бецан орамат. Лелайо хасстоьман культура санна.

Ӏилманан а, хӀусаман (кулинарин) а юкъара стоьмех, цӀазамех, хасстоьмех йолчу башхаллех болу кхетамо бадарж (кхин ораматаш санна, масала, наьрс) юьстича галвоккху. Бадаржан стоьмаш — ботаника агӀора хьаьжчи — дуккха бенаш долу синкарпан цӀазамаш ду. 1893 шарахь АЦШ Лакхара суьдо массара а тӀеэцна, таможнин ял йоккхуш бадарж, лелаяран кепаца, лара мегар ду хасстом, ткъа иза делкъе еш десертан ца луш охьайохку дела, суьдо билгалдаьккхина, ботаникан агӀора томаташ — цӀазамаш ду).

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors