КIайн цIога долу аьрзу — (en. White-tailed Eagle), (оьрсаша "Орлан-белохвост" олу). КIайн цIога долу аьрзу яккхийрчех аьрзу ю. Цуьнан цIога дечиг йоькъачу зайлан кепехь ду. Бос мокха бу, кортий, лахара деггIий жимма сирло ду цуьнан. ЦIога кIайн ду, зIок можа ю.

Тундрера дуьйна есачу аренашка, лаьмнашка кхаччалц массо а мехкашкахь ю и тайпа аьрзунаш. Церан дахар хIурдан йистошкахь, хин бердашкахь, тогIешкахь, ламанийн даккъашкахь ду. Iа доьлчи къилбаседехьара йовхачу метте охьайогIу уьш. Иштта ду церан дIай-схьай кхалхар. Яккхийра шелонаш йоцчохь цхьана меттехь ду церан дахар. Диттийн генех, синтарех боккха бен бо оцу аьрзуна доккхачу диттан боьххьехь. Дуккху а шерашкахь оцу цхьана бенахь йоху цо кIорнеш. Бен атта дIа ца тосу цо шена адамаша новкъарло ца йичи. Бен бар доладо март-апрель баттахь. ХIоа 2-3 до. КIайн хуьлу уьш. Ларлуш ю иза. Адама герга ца кхочуьйту. Дукъа лекха хьалайолий дац цуьнан хIаваэхь хьийзар. Лахахула хIаваэхь го туьйсуш лоху цо ижо: моьлкъарчий, дехкий, чIерий, пхьагалаш, акха бедаш, кхин долу олхазарш. Ламанан чхар тIехь, я дечиган юьхка тIехь хохий а Iа иза ижо ларош. Вукху аьрзунийчул ядар хала ду цуьнан. Екаран аз иштта ду "кра-кра-кра!" я "кий-кий-кий!". ЗIок йоккха хиларна а цIога кIай хиларна а, кхоьчу аьрзонех къаьсташ ю иза.