dcsimg

Акха цициг ( Chechena )

fornecido por wikipedia emerging_languages

Доккхачу акха цицигах Акха цициг, ЦӀокъа (лат. Lynx lynx) олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегӀ а долуш экха ду иза. ЦӀога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегӀан дохалла 80-100 см. ЦӀога 20-30 см. Шина а агӀор беснеш тӀехь маж ю цуьнан. Лергаш тӀехь ирах дахана чоьш ду, маӀаш санна хеталуш. ТӀера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукӀело жимма сирла ю. Жимма Ӏаьржа тӀедарчи ду цуьнан букъ тӀехь а хенаш тӀехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогӀешкахь хуьлуш ду акха цициг.

Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дӀалечкъа иза диттийн баххьашкахь тӀулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тӀе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КӀорни 2-3 йо. Пхеана тӀе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КӀорнеш йинчу хенахь са ца гуш бӀаьрзе хуьлу. БӀаьраса 12-чу дийнахь догӀу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кӀорнеш.

Акха цициг лечкъана лелаш ду.

Ӏаьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а Ч1аьнти-Органехь а, Хахалга, КӀериго, МӀайста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.

Хьажа. кхин

licença
cc-by-sa-3.0
direitos autorais
Wikipedia authors and editors
original
visite a fonte
site do parceiro
wikipedia emerging_languages

Акха цициг: Brief Summary ( Chechena )