dcsimg

Къоракуотам ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

Къоракуотам (инг. Tetrao urogallus, оьрс. Глухарь) — НIаьна лог кIело Iаьржа а йолуш, къокханан басахь накха а болуш, ал тIемаш а долуш ю. ЧукIело кIай тIедарчий а долуш, къорза ю цуьнан. ЗIок кIай бос болуш ю. Котам Iаьржа тIедарчий а долуш хьаьрса ю. КIезиг ю уьш. Ламанца а, лахенца а хьаннашкахь хуьлуш ю уьш. Шишша цхьана кхеташ Iедал дац церан. Баннаш диттийн кондаршна кIелахь до. Тойна май баттахь доккха. ХIоьаш ал тIедарчий а долуш хуьлу 5-9. ДIай-схьай кхелхаш дац церан дахар. Цхьана меттехь хуьлу уьш. Котам тойна хиъначу хенахь меттах а ца йолу. Бос дIадаханчу шеран екъчу бацах, гIах дIатарлой хуьлу цуьнан. Цундела атта бIаьрг тIе ца кхуьу цунна.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors

Къоракуотам: Brief Summary ( Chechen )