dcsimg

ЦӀиэн бос болу пеликан ( Chechena )

fornecido por wikipedia emerging_languages

ЦӀиэн бос болу пеликан — ( Pelecanus onocrotalus ). ЦIиэн бос болчу пеликанах оьрсаша "Розовый пеликан" олу. КIеззиг цIиэ бос а бетталуш кIай ю. ТIемаш йоьххьера Iаьржа ду. Коьрта тIехь жима кIужал бу. Еха зIок ю цуьнан. ЗIакарна кIелахь тIаьрсиган тIоьрмиг бу. ТIемаш дIа-схьа даржийчи 2 метр ду. ХIурдан гIайрешца, бердащца, хишца, Iаьмнашца хуьлуш ю пеликан.

  • Iаьржачу хIурдан къилбаседа-малхбузехьа хIурдан йистошца а, Азов хIурдан йистошца а, Каспий хӀурдан къилбаседехьа йистощца а, ГIалмакхойн аренашкарчу Iаьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Шемахь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. БIаьста къилбехьара бовхачу махкара схьайогIуш а, гурахь юха цига дIайоьлхуш а вайн хиш, Iаьмнаш долчохь; цхьана кIезигчу ханна сеца уьш. ХIинцачул хьалха Теркан йистошца а, Iаьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а чIерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тогIеш еза царна.
  • Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до Iаьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна тIекхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара.Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до хIораммо хIоа. Тойнахь 33-38 дийнахь Iа. КIорнеш йоха июнь-июль баттахь. ТаьIна мокхачу басахь хуьлу уьш.
  • ЧIогIа ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. ГIаттар хала ду цуьнан. ТIемашца гIоттуш хи тIоьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа тIемаш а лестош. ТIоьхула хьийзаш Iедал а ду цуьнан. ГIеранца хIаваэхула могIа бой йоьлху уьш. ГIарагIулеш санна са бой а йоьлху. Хи тIоьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. ЧIерий доу цара, хи гомхачу дIа а лоьхкуш, зIакаршца каде схьа а луьйцуш.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш

licença
cc-by-sa-3.0
direitos autorais
Wikipedia authors and editors
original
visite a fonte
site do parceiro
wikipedia emerging_languages

ЦӀиэн бос болу пеликан: Brief Summary ( Chechena )

fornecido por wikipedia emerging_languages

ЦӀиэн бос болу пеликан — ( Pelecanus onocrotalus ). ЦIиэн бос болчу пеликанах оьрсаша "Розовый пеликан" олу. КIеззиг цIиэ бос а бетталуш кIай ю. ТIемаш йоьххьера Iаьржа ду. Коьрта тIехь жима кIужал бу. Еха зIок ю цуьнан. ЗIакарна кIелахь тIаьрсиган тIоьрмиг бу. ТIемаш дIа-схьа даржийчи 2 метр ду. ХIурдан гIайрешца, бердащца, хишца, Iаьмнашца хуьлуш ю пеликан.

Iаьржачу хIурдан къилбаседа-малхбузехьа хIурдан йистошца а, Азов хIурдан йистошца а, Каспий хӀурдан къилбаседехьа йистощца а, ГIалмакхойн аренашкарчу Iаьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Шемахь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. БIаьста къилбехьара бовхачу махкара схьайогIуш а, гурахь юха цига дIайоьлхуш а вайн хиш, Iаьмнаш долчохь; цхьана кIезигчу ханна сеца уьш. ХIинцачул хьалха Теркан йистошца а, Iаьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а чIерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тогIеш еза царна. Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до Iаьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна тIекхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара.Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до хIораммо хIоа. Тойнахь 33-38 дийнахь Iа. КIорнеш йоха июнь-июль баттахь. ТаьIна мокхачу басахь хуьлу уьш. ЧIогIа ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. ГIаттар хала ду цуьнан. ТIемашца гIоттуш хи тIоьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа тIемаш а лестош. ТIоьхула хьийзаш Iедал а ду цуьнан. ГIеранца хIаваэхула могIа бой йоьлху уьш. ГIарагIулеш санна са бой а йоьлху. Хи тIоьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. ЧIерий доу цара, хи гомхачу дIа а лоьхкуш, зIакаршца каде схьа а луьйцуш. Rosapelikan beim Putzen des Gefieders.jpg Rosa Pelikan.JPG Pelikan Walvis Bay.jpg Rosapleikan.jpg Warsaw ZOO - Pelecanus onocrotalus 2.jpg  src=

Museum specimen

licença
cc-by-sa-3.0
direitos autorais
Wikipedia authors and editors
original
visite a fonte
site do parceiro
wikipedia emerging_languages